topbackground007

قواعد الشرف الشيشاني

НОХЧИЙН СИЙН КОДЕКС

ترجمها عن اللغة الشيشانية
د. أمين شمس الدين داسي
2009

(1)

Шена динчу диканнабаркалла алар -къонахчуьн хаза г1иллакх ду.

Шена цхьа дика дича, къонахчо цунна дуккха а диканаш до

ткъа ша динчу диканна баркалла алар лохуш вац иза.

إن الشكر على صنيع جيد- هو من الأخلاق الحميدة للشهم الأبي.

ومقابل الشيء الحسن يقدم الشهم الأبي أشياء جيدة أكثر، دون أن ينتظر شيئا بالمقابل.

* * *

(2)

Къонахчуннахаа деза шен бакъо къовса а,кхечунна хеташ долчуьнга ладог1а а,

иза бакъ велахь т1ета а, иза бакъ хилар къобалдан а. Къийсамашкахь

г1ийлачунна юхавалар ледарло а яц я эшар а дац. Иза ду къонахчун хаза г1иллакх. Г1иллакхал совдаьлла собар - к1иллола ю, г1иллакхал совъяьлла майралла - сонталла ю.

على الشهم الأبي أن يعرف كيف يدافع عن حقه،وبنفس الوقت أن يستمع إلى ما يقوله الآخرون،

وأن يوافق عليه إذا كان واقعيا وحقيقة. ولا يُعتبر التنحي عن النزاع أمام الضعيف جبنا ولا هزيمة، بل هو من خصاله الحسنة. والصبر إذا نفذ- هو الجبن بعينه، والشجاعة إن زادت عن حدها- هو التهور بعينه.

* * *

(3)

Къонахчо шен сий санна,нехан сий а лардан деза.Иза атта девне ца волу.

Г1еххьа долу х1ума бегаш т1е а доккхий, д1адерзадо цо.

على الشهم الأبيأن يحافظ على شرف الآخرين كما يحافظ عل شرفه. والشهم الأبي لا يصبح فريسة سهلة

لشجار ما.. أو اقتتال، فهو يتنحى عنهما بحنكة وحذاقة ولطف.

* * *

(4)

Къонахчун 1алашонаш а, цаьрца доьзна г1уллакхаш а ц1ена хила деза.

يجب أن تكون أهداف الشهم الأبي وما يرتبط بها من أعمال وطرق تحقيقها، نبيلة.

* * *

(5)

Кхечу динехь болчаьрца къонахчун собар хуьлу.Цо нуьцкъах царна

т1е ца дожадо шена хетарг а, ша бохург а. Т1ело яр Бусалбан динехь

лог1уш.

يمتاز الشهم الأبي بصبره نحو من يدين بديانة غير ديانته. وهو لا يُكره أحدا بما يقول أو يعتقد.

والقرآن الكريم يقول:"لا إكراه في الدين"

* * *

(6)

Делан дикане сатийсаркъонахчуьнгахь ду даиманна.Цо гIо до цунна

аьтту боцчу тIамехь а, муьлххачу а чолхечу хьелашкахь а. Цу тIехь кхоллало

къонахчун ницкъ а, собар а.

أمل الشهم الأبيمنخالقهلا ينفصم، فهو يعينه في الحرب غير المتكافئة وفي كل الظروف والأحوال الصعبة،

ومنه يستمد القوة والصبر.

* * *

(7)

Къонах кийча вуДелан кхелацаТ1ех1иттина муьлхха а халонаш лан.

Цунна хаьа , Дала диканиг а, вониг а дан, цу шиннах цхьаъ харжа а

шен лаамехь ша витар

الشهم الأبي- متأهب دائمالمجابهة المحن أي كانت، ويؤمن بالقضاء والقدر. وهو يعرف بأن الله خَيَّره

بين عمل الخير وما بين عمل الشر.

* * *

(8)

Къонахчунна ша Далла г1уллакх дар, иза дозалла деш кхайкхорал,

шен синкхетамца дитар г1олехь ду. Иза дозалла деш кхайкхор –

Нахана ду, къайлах дар- Делан дуьхьа ду.

خير للشهم الأبيالتواضع في تقديم طاعاته لخالقه على أن يجهر بها. وأن الجهر بالإيمان- هو للناس،

بينما الإيمان في سريرة النفس- هو لله.

* * *

(9)

Къонах декхарийлахь ву Даиманна шен хьекъал ирдан, шена а, кхечарна а зеделлачух пайда эца.Цо аьтто бо дуьне довза –Х1ума хаарций, 1иламанций бенБакъонна , нийсоннаТ1аьхьа кхиалур вац.

على الشهم الأبي شحذ عقلهدوما،والاستفادة من حكم وتجارب نفسه والآخرين، وهذا يساعده في فهم الحياة- ولن يدرك الإنسان الحقيقة والعدالة إلا بالعلم والمعرفة.

* * *

(10)

Тешам, нийсо къонахчун синкхетаман лаккхара 1алашонаш ю.

Къонахчунна дуьне довзар Хьекъалийций, дагаций ду. Делах тешар

Дагаций, синан хаамашций ду. Диниций , дуьненций доьзна долу 1илма

Къонахчо шен дахарехь даиманна к1аргда деза.

الإيمان الصادق بالله والعدالةهما الهدف الروحي الأسمىللشهم الأبي، وهو يدرك جوهر الحياة بعقله وقلبه.

وجوهر الإيمان يدركه بقلبه وروحه. وعلى الشهم الأبي أن يعمق معارفه المبنية على إدراك الروح والحياة.

* * *

(11)

Бакъ йолу майралла ю,Муха а 1оттаделлачу г1уллакхана

Шена т1ехь урхалла дан Хьекъал а, ницкъ а, собар а хилар.

Хьекъал доцуш йолу майралла- къонахчун б1аьргаш хьаббина ницкъ бу,

шен я кхечуьнан дахаран а мах хадо цахаар ду и. И цахаарх, жимчунна бехк буьллийла дац. Валар т1ех1оттича,И кхетамца а, собарца а т1еэцар-

къонахчун ницкъ хилар ду.

إن الرجولة الحقة والشجاعة تظهران في الصبر والتحمل،وفي القدرة على السيطرة عندما تلم مصيبة

من أي نوع كانت، وتحت أي ظرف. والشجاعة المتهورة- هي مثل شجاعة شجاع كفيف البصر، وتعني قصر النظر في الأمور، ولا يؤاخذ عليها الصغير الذي لا يعرف قيمة حياته وحياة غيره.

* * *

(12)

Дог ц1ена хиларо къонахчун лаам а, ойла а куьзган чохь санна гойту.

Ц1ано йоцуш, адамалла хила йиш яц.

صفاء الروح- عبارة عن مرآة تعكس المكنون الداخليللشهم الأبي ومآثره. ولا يمكن أن تكون هناكإنسانية صادقة بدونه، أو رحمة.

* * *

(13)

Сий, адамалла хилар, нахана везар- къонахчун уггара мехалла х1ума ду.

Дуьненан Бахам Юхаметтах1отталур бу. Амма сий дайна висча,

диканехьа къуьйсуш валарца бен и юхаметтах1отталур дац.

إن شرف الشهم الأبي وإنسانيته وحب الناس له هي من مقوماته الأساسية.والحالة المعيشة يمكن إصلاحها مرة أخرى، لكن الشرف والعزة لن يعيدها سوى الموت من أجل الخير بكرامة

.* * *

(14)

Къонахчунна оьздангаллНийсо ярца гучуяьлла ца 1а,иза гучуйолу

адамаш ларарца, церан хама барца, церан хенашка а, хьадолуш хиларе а

хьаьжина доцуш

يظهر نبل الشهم الأبي ليس فقط في العدالة والإنصاف، ولكن أيضا في احترام الناس وإكرامهم، بغض النظر عن عمرهم ووضعهم الاجتماعي. والشهم الأبي يكون في معاملته مع الناسلطيفا لدرجة قصوى، متحفظا، متواضعا.

* * *

(15)

Къонахчун Адамашца йолу юкъаметтиг Нийсо ларъеш , Нийсонна т1ехь хир ю.  Иза , шенгахьа оьзна ма хиллара , Бакъ луьйш хила веза адамашкахьа оьзна а. къонахчун амалехь ду шена ца тов дерг адамашна а цадар

علاقة الشهم الأبي مع الناس، تقوم علىالعدالة والمحافظة عليها، وهو دائما عادلمع الغير ومع نفسه.وفي طبيعة عمله مع الغير ينطلق من مبدأ الاحترام المتبادل. ومن صفاته كذلك أن لا يرضى للآخرين

ما لا يرضاه لنفسه.

* * *

(16)

Синкхетам а, дикалла а, Къинхетам а- адамаллин сенаш бу. Адамийн бала кхачар тоьаш дац къонахчунна. Цуьнан адамалла гучйолу Уьш вонах ларбарца,

Царна г1о дарца.Къонах г1ийлачух къахеташ ,Цунах дог лозуш ,Цунна г1о деш хила веза.

إن الوعي والطيبة والعطف- هي من سمات الإنسان.ولا يكفي الشهم الأبي أن يحس بمصائب الآخرين ويشعر بها، ما لم يتبعها حمايته لهم منها، وتقديم العون والمساعدة، وهنا تظهر الشهامة والرجولة الحقة.

الشهم الأبي- هو الذي يشفق على الضعيف، ويعطف عليه، ويساعده.

* * *

(17)

Хьекъал ду къонахчунна дуьненан некъ гойтург а, ойланаш хуьттург а,

и некъ нисбийрг- дог дую Амма доллучу х1уманан барам-

Адамалла ю.И шеца йоцург –Къонах лара мегар дац.

إن العقل هو المنارة التي تضيءالطريق للشهم الأبي في حياته وفي ترابط أفكاره،  أما قلبه فهو معينه في السير على الدرب الصحيح. وأساس علاقة الشهم الأبي بالعالم المحيط هو في إنسانيته. وإن خلت منه، فلا تنطبق عليه صفة الشهم الأبي.

* * *

(18)

Баркаллин дуьхьа дац къонахчо Даймехкан декхарш кхочушдар. Къонахчунна

Халкъана ша везарал Деза совг1ат дац дуьнен чохь.

لا ينتظر الشهم الأبي الشكرَمقابل خدمته للوطن. وليس هناك أغلى من حب الشعب ورضاه

عن الشهم الأبي.

* * *

(19)

Къонахчунна хаа деза, Даймехкан сий дар шен сил а деза дуйла. Даймехкан декхарш а, шен сийлалла а къасто дезча, даймехкан а, шена сий лардеш,

къонах махках волу.

على الشهم الأبي أن يعرف:بأن احترام الوطن ورفع شأنه واحترام الذات هي أغلى من حياته، وإن اضطر أن يختار مصلحته فوق مصلحة الوطن سيبقى بدون وطن.

* * *

(20)

Муьлххачу хьелашкахькъонахчоДаймехкан сий да деза,шен халкъан харжам

т1еэца а беза, шен ойла цуьнца нислуш яцахь а

على الشهم الأبي في كل الأحوالأن يُعلي شأن وطنه، ويلتزم بما تختاره الأغلبية، حتى ولو عارض ذلك

رأيه ووجهة نظره.

* * *

(21)

Маьршачу заман чохь Даймехкан ни1матан дуьхьа къахьега къонахчун декхар ду, т1ом болчу хенахь шен мохк ларбан санна. Хьанала къахьегарх къонахчун сий ца дов,мелхо а цуьнца ларамалсамболу.

إن العمل والإبداع والمحافظة على نعم الوطنفي أوقات السلم هي أيضا من واجبات الشهم الأبي، كتلك

التي هو ملزم بها في الدفاع عن الوطن عندما تلم به مصيبة. والإخلاص في العمل لن يُفقدشرف الشهم الأبي وكرامته أبدا،بل على العكس تكسبه مزيدا من الاحترام والتقدير.

* * *

(22)

Къонахчун деза декхар ду, арахьара мостаг1 т1амца т1елетча, Даймохк ларбан. Нийсо лоьхучу т1амехь шен сий, къоман сий лардеш валар цо сийлахь лору,сий дайна эхьечу вахарал.

إن خدمة الوطن والذود عنههو واجب على الشهم الأبي ودَين. وحماية شرفه وشرف الوطن، والموت من أجلهما

ومن أجل العدالة هي بالنسبة له الكرامة كلها، من أن يعيش منبوذا بدونها.

* * *

(23)

Шен дахарехь къонахчун коьрта 1алашо ю шен къомана, Даймахкана

г1уллакх дар. Халкъан а, Даймехкан а хьашташ деза ду цунна Шен хьаштел а.

إن أهم هدف و قسم في حياة الشهم الأبيهو خدمة شعبه ووطنه. واهتمامات شعبه ووطنه بالنسبة إليه

هي أعلى من اهتماماته الشخصية.

----------------------------

الترجمة عن اللغة الشيشانية:

الدكتور

أمين شمس الدين داسي

28/9/2009


НОХЧИЙН СИЙН КОДЕКС

Нохчийн маттара 1арбийн метта гочдинарг

Д-р Амин Шамседдин ДАСИ

المصدر:

www.chechnyatoday.com